Telegram Group Search
🥹🥹🥹🥹🥹🥹
Ниссс оц цхьан хумно гойтакх , и ху адам ду)) просто адам эшаре ладухш дуй, и все, и лартахь доци хаакх..са списки т1ер окончательно д1адол ишт адам))
Гlийбат, мотт-эладита лелочара дуьйцург бакъ ма де, я цара дечу хьехаре ла ма догla. Хlapa Къуръано хьоьга деш весет ду.
Кхи долгий путь оьш ца хиллер и хаа
Радуйся, если твоя жена много кушает!

посланник Аллаха, мир ему и благословение Аллаха, сказал: «все, что кушает твоя жена из твоей еды, записывается тебе, как милостыня».

сказал шайх абу абдуллах мухаммад саид салах: «радуйся, если твоя жена много кушает, так как это увеличивает твою милостыню».

шарх "адабул-муфрад"
«Хьан хlун дисна оцу ломахь,
Хlунда йу хьан ойла тlома?!

Хьайн чуйерза, тlулгаш дитий,
Ломахь лелон мачаш йитий»

Олуш нисло цхьаболчара,
Со-м ца хьоьжу цаьрга гара.

Уьш а тарло хила нийса,
Со-м ца йоллу цаьрца къийса.

Хаа, уьш а харц хир боций.
Амма тlоьрмиг буйна лоций,

Маьлхан серло гучуйаьлча,
Йахар-йарца сайн кайаьлча,

Со-м йуха а новкъайолий,
Дуьйцучаьрга дийца олий...

Хьуна хаий, сан цу ломахь
Ойла хlунда йуьйлу тlома,

Хьуна хаий, хlокху сица
Дехий лаьмнийн хаза кица:

Са шен лаьмнех тера дерг бен,
Кху дуьненах маьрша верг бен,

Лаьмнаша а дlа ца воьху!
Со йу хьуна цара лоьхург!

Дийций ас цкъа, сан цу ломахь
Хlунда йуьйлу ойла тlома?!

Бохь - йист йоцуш, lин - бух боцуш,
Бlаьргийн суьрто схьа ца лоцуш,

Хьан кlезгалла хьуна гойтуш,
Хьайн дуккхаллин ойла йойтуш,

Лаьмнийн кlожехь хьайцца висча,
Дуьне лаьмнел дехьа дисча,

Хаа хьуна, хlокху ломахь,
Хlокху лаьттахь, хlокху къомах

Хьо ларамза хилла воций,
Хlокху лаьмнийн да кхин воций -

Кхоллар-Кхалхор Шегахь дерг бен,
Дуьне-эхарт Долахь дерг бен!

Хааделлий хьуна ломахь,
Йаьлча и хьайн ойла тlома,

lиндагlах а тешаш воцург,
Бlаьрг а, лерг а маьрша доцург,

Хlокху лаьмнех дагаволий,
Сица маьрша-мукъа волий.

Кхузахь хан а - цхьана ханна
Хlора мlаьрго сецча санна...

Са а, бода цхьанакхетарх,
Со аз доцчу маттах кхетарх,

Кхетар ма вац оцу ломахь
Ойла йаьхьна воцург тlома.

Сайна тlаьхьа дуьйцурш дуьтий,
Нуй-горгамий сонехь дуьтий,

Белшах чекх сайн тlоьрмиг тосий,
Лома кхача са а тосий,

Самагатде суна олий,
Со-м йуха а новкъайолу.

Арсалиева Люба
Дlагlой вайша, доттагla
Даимна дlа кхойкхучу,
Лаьмнашна герга.

Жима цlа ден дина,
Синтем а карийна,
Паргlата дехаш,
Ма товр дара вай.
Рассказ одного брата палестинца.

«Все говорят о 7-ом октября, но мало, кто знает, что произошло чуть ранее, а точнее 3-го числа. В тот день оккупационная армия полностью закрыла мечеть Ибрахима(четвертая по святости мечеть для мусульман, находится в эль-Халиле), запретив мусульманам заходить туда. После они сами зашли туда, устроили там песни и пляски прямо внутри мечети, пили вино и развлекались. Затем они пригласили танцовщиц и певиц прямо на земли мечети аль-Акс, и еще долго веселились. Они открыто оскорбляли Посланника Аллахlа ﷺ. В этот момент я плакал, как дитя, потому что видел, как Палестина, которая не сдавалась вот уже 75 лет, сегодня к сожалению сдалась. Я сообщил родителям, что соберу достаточное количество денег и навсегда покину эти Земли, так как Палестина уже не та, которую я знал. И вот в то велико утро 7-ого октября, я стал свидетелем самого прекрасного зрелища в своей жизни, я на радостях повторял как сумасшедший:

«Войско Аллахlа разгневалось, войско Аллахlа разгневалось!!!»
Цхьаъ хила дезара дош, Цкъа аьлча, эрна ца хила. Цхьаъ хуьлу къонахчун дош, Ткъа кIиллойн – цхьа тептар хиллал.

Арсалиева Люба.
Х1ара дукх дош
Дуьненан рицкъанах хадарх ма кхера.
Ма кхера бахамах валарна хьайн.
1аламан хийцамех цкъа а ма кхера,
Сийлахьчу Аллах1ан карахь ду вай.

Дерриг а Делера схьа дуйла хаа,
Халонаш, хиламаш зерхьама ло.
Х1уъа т1е х1оьттича доьналлехь хилахь
Сийлахьчу Аллах1а къинхетам бо.

Хьо кхера шалхонех, ямартчу нахах.
1есаллех Аллах1а лардойла дог.
Ахь дог ма дилла Аллах1ан диканах,
Вай йечу 1амалех доьзна геч дар.
             
                Азман Джабраилова
Бодашкахь а ца хетало цхьатера х1умма а.
Кхин тешаме дац-кха серлонехь гуш дерг а.
Дуьстича билгалдолу.

                Азман Джабраилова
Айхьа нахана деш дерг Аллах1ан дуьхьа де, цу нахег1ула хьуна а г1о хир ду хьуна.

Аза
Лазаме ов даге тоьхча,
Нехан дог дуй хаалахь.
Дашца хьайна цатам бича,
Хьайн къамелаш таллалахь.

Халхетарша логшад лаьцча,
Велхаран къурд бан дезнехь,
Кlоршамечу хьан дешнаша
Белхийнарш ма бицбелахь.

Шен йорт етташ зама йоьду.
Хастамхиларг сема ву!
Дахар охуш ахь тесна хlу
Кхиъна, доьхьал хlуттур ду!

Лазаме ов даге тоьхнехь...
Синтем Деле бехалахь.
Сингаттамехь, балехь долу
Нехан дегнаш хьасталахь.

             Азман Джабраилова
2024/06/03 19:55:58
Back to Top
HTML Embed Code: