Telegram Group Search
Некъ хала хилар я атта хилар коьрта дац, коьртаниг - хьан некъа-накъост тешаме хилар ду.
Гlуллакх массарна кхочуш хиллера.

Бабех къайлаха lаса а лоций, цуьнах тера болар деш ловзара тхо. Делахь а, вайн баба м мукъа lаш ма йацара. Йоккхачу стеган хlун гlуллакхаш хир дара? Амма цунна кара дора уьш. Тlулг белахь тlулгаш улле, дечиг йелахь йисина дечигашна улле хьуш, кертахь йолалуш, мел тиша хlусам а цlенайой, къагайора цо.

Т1аккха со сой тхайн хьехархо йу бохуш ловзура, хьехархойн цlахь цаьрга хьоьжуш гlуллакхаш доцуш санна. Хьехархо хаза бедар йухе, ц1ахь болу, балхахь боцу зударел а товш, б1аьрг белош хуьлудела хеташ дара иза. Амма суна моьттург Гуьмсера г1аш Мединате некъ балла гена дара.

Цхьана буса, хан йаьллачу хенахь со набарха яьлча нана йара хlумнаш йуьттуш. Дуьххьара йа тlаьххьара йацара нана  буьйсана юккъехь гlуллакх деш, дийнахь ишколехь балхахь йолуш ша дан ца ларийнарг. Иштта цхьа зуда а, хьехархо а, йа баба а мукъа lаьш ца хиллера, гlуллакх массарна кхочуш хиллера.
сан хьоме 💜
Please open Telegram to view this post
VIEW IN TELEGRAM
«Уллера гучу цу гlенал герга дац мел уллехь дерг а»
сан а йоцуш , нехан хlунда ю шу?)))
Forwarded from ан-Нур
Имам Саlдий (Дала къинхетам бойла цунах) аьлла:

Пайдехь долу белхех ду, хьуна хаар, наха хьун деш долу зенаш, къаьсттана вон дешнашца, цара хьуна деш дерг зен дац хьуна, мелхо а, шайна зен ду хьуна цара деш дерг.

Васаилул муфийдахl
Со цхьалха вац, Аллахl ву соьца.
Хьох цхьа а ца кхеташ хила йиш ю, хьо Кхоьллинарг воцург! Цуьнга балхабе хьайн бала берриг а!
Forwarded from MOMSAR
«ХӀора ша "бусулба динан гӀуллакх дан лууш ву", "ва бусулба нехан хьал бахьанехь вогуш ву со" бохарг, цул тӀаьхьа хӀора дийнахь цхьа хан билгал а йина кху бусулба динан ша пайде хилийта шен дегӀ, са кхиош вацахь, иза веккъа хабарча ву, деса къамелаш деш ву, йа цо дуьйцучунна цхьа мах а бац.»

© Шайх СултӀан ал-Ӏумайрий
Forwarded from MOMSAR
«АллахӀана ша войзуш воллушехь, нахана шегахь доцарг ду муттуьйтуш, царна хаза вала гӀиртинарг АллахӀа эрчавоккхар ву.»

© Ӏумар ибн ал-ХаттӀа́б
дика агlо ю шуна и лакхарниг
Forwarded from 𝒊𝒄𝒉𝒂𝒓𝒌𝒉𝒐 (Хьафса)
Со жима йолуш, 5-6 шо хилла хир ду сан, вилспет ца хохкуьйтура соьга. Нана кхоьрура суна тlе машен тохарна. Цундела кертахь бен хахка йиш яцара. Цкъа охьа а кхетта, пхьарс цlих буьзна еънера со.

Цул тlаьхьа со жимма йоккха хилча, сан 8-9 шо долуш, тхайн ненахошкахь, урамехула вилспет хоьхкуш яра со. Инзаре сатийсинера ас и хахка. Ца мега аьлча кхин а сов дага ма духий берашна. Халла магош хан тlе а еана, хоьхкуш йолу, новкъа йогlу зудчо, цхьа шога: «Хьо йоl ма ю, ахь хlун до вилспет хоьхкуш?», - элира соьга. Цу тlера охьа а йоьссина, кхин тlехаа ца яьхьаш цунах, вилспет теттина чоьхьаяккха дийзира сан.

Аллахlа диканца бекхам бойла цу зудчунна! Со мел жима хиллехь а, цунна иштта лиънера-кх! Йоlе вилспет ца хахкийта лиънера цунна, цундела цо со, шен йоl йолуш санна, охьайоссийра!

Иштта болу баккхийнах оьшура вайна! Шайн, нехан бохуш, къеста а ца беш кегийнаш, нийса доцург шайна цхьаьнгахь гича, и нисвеш болу!

#дагалецамаш
Forwarded from 𝒊𝒄𝒉𝒂𝒓𝒌𝒉𝒐 (сан бот)
​​Цхьана воккхачу стага аьлла:

«Доьзалехь къовсам белахь, берашна тlе а ца хlуттуш, зудий, майрий вовше тlехlотталаш. Хlунда аьлча шуьшиъ, цхьацца а доккхуш, эшо гlерта шун доьзал».
https://tlgg.ru/𝒊𝒄𝒉𝒂𝒓𝒌𝒉𝒐/com.so_icharkho
Хlай Аллахlана lеса нах! lеха ма лолаш, шайна Аллахlа хlинца а таlзар ца динера аьлла! Шу Цунна дезаш хиллехьара, Цо къиношха юхатоьхна хир дара шу!

Хьасан Ал-Басрий
Forwarded from MOMSAR
Вайна хӀун лаьий?
Вайн дуьненчура доккха зулам саца лаьа вайна. Дуьненахь массанхьа дин дӀа хӀоьттина, вайн тӀехь куьйгалла деш Ӏумар ибн ХаттӀаб (رضي الله عنه) хилийта лаьа вайна. Вайна лаьа шарӀан таӀзарш кхочуш деш га, вайна цхьа шаверг асхьабаш санна, йа маликаш санна хила, вайна юьртахьа мел волу мутаӀелам Имам Абу Хьанифа, Имам Малик, Имам Аш-ШафиӀий, Имам Ахьмад санна хила лаьа, юха царах хӀораммо бакъ дерг, не просто бакъдерг а именно хьуна хеташ долу "бакъдерг" цхьа "инзари бакъдерг" дуьйцуш хила лаьа. Хьуна ца хаьа бакъдерг хӀун ду, но хьо ютуб чохь видео хьаьжна Ӏакъидат йолуш ву хьо хӀинца, цундела хӀора дешна стаго ша уьттазза ахьа аьхьна, бӀозза кхарза кхаьрзина вуьйра велахь а бакъдерг дийца лаьа хьуна. Хьо дине ревность йолуш ма вуй, а уьш бац... "безвольные овощи". Хребет яц цера а, а хьо цхьа боьрша экмкал ю, шиъ хребет ю хьа. Вайна асхьабийн заманахь санна нах бахийта лаьа, царна юкъахь делахь а, цара говраш, эмкалш, варраш хохкучахь вай S класс тӀаьххьара яьлла мерседяс хохкуш, кхин тӀе AMG. Мел яр иза 5,6,7 объем йолуш...
Вайн шаверг нисвала лаьа, ЦӀ-цӀ-цӀ, ма ца лало-кх вайга хӀара зулам!!!
Ва вай дегнаш! БӀозза инфаркт, 500 раз инсульт хилла те вайна кху динан сагаттадина??? Ма ца кхоа до-кх вай ваьш! ХӀунда кхоош дара? вайна даьӏахкех динан сийлалле хьала волуш болу ламиш хуьлийла-кх!!! Динан бешахь зезагаш, дитташ хьала довлийта вайн цӀий дӀа худийла оц латтано!!!
Оьшуш дац кхоо!
Но вай лаза ца деш хила беза и ламеш, вай лаза ца деш кхиа еза и беш а! Вайн цхьанхьа Ӏашшехь и ламеш цхьама бахь, и беш цхьама кхиа яхь кхин а хаза хир ду.
Вайн и лаар, и вайга далур дацахь а, лаар вайна иза, вайн дешнаш... аьлчаъ дегнаш даккхий ма дуй.
Амма вайга далур долуш цхьа хӀуманаш дар, уьш ца лаьа вайна. Вайна ца лаьа хӀора ша нисвала, вайна ца лаьа паргӀат ламаз да, ведда воьдушехь а ца деш, паргӀат. Вайна ца лаьа суннат ламазаш дан, вайн ца лаьа духьа дан, вайна ца лаьа суннат марха кхаба, вайн дарста лаьа, вайна яахӀума юуш аз дала лаьа, вайн шортта наб я лаьа, вайн ден-нанна дика кӀентий хила ца лаьа, базарара деза тӀоьрмагаш дахьаш, йа ца луш йогӀуш йолу нанна дуьхьала даха ца лаьа вайна иномарка хаьхкан. Вайна хаза дош ала ца лаьа, вайн доьзалшна дола дан ца лаьа. Оц зударшна тӀехь латтош долу зулам сацо ца лаьа и зуламаш деш волу "къОНАХЧУН". Цуна хӀора пхеъ шарахь керла зуда еза. Къаьстана цу зудчунна цӀахь тӀе хӀотта стаг вацахь тӀаккха шен ницкъ гойту цО. Вешина, йишина ваша хила, берана да хила, дена-нанна кӀант хила а, волчунна гергара, накъост хила а ца лаьа вайна. Вайна цхьа елла хӀуманаш хила лаьа, вайл хьалхара цхьаъ лелаш. Вайн накъосташна накъост хила ца лаьа, массара хьо лело веза аьлла хета. Ур-атталла хаза дош аьлла, йа вела къежна а цу накъосташна беш там а боцуш.
Йа дена-нанна, йа гергарачарна, йа берана, йа зудчунна, йа йишина -вешина , йа лулахочунна, йа накъостана доцуш, цхьа елла хӀуманаш хила лаьа вайн.
Къан белча и бӀаьрса ларда ца лаьа вайна. Цхьа жимма оьгӏазло дӀа яьккхина, цхьа жимма дегӀан лаам юха оьзна, цхьа жимма хаза дош аьлла, цхьа жимма вела къежна, цхьа жимма хьайга къамел дечуьнга ла доьхна, цхьа жима бала кхаьчна, цхьа жимма къинхетам хилла цхьа хӀума ца лаьа вайна. Хила мукъа хӀун хуьлуш ду те вайна? Цхьа хӀума ду, хьо ца хуьлий, хьо хилла ма везза стаг ца хуьлий, ахьа хьайн дегӀан лаам, хьайгахь долу хьайбаналла югӀа ца узий иза хьан доьзална, хьан гергарчарна, лулахь, юртахь бали долу. Ма далийта хьайх зулам! Цхьа а хӀума дуьсур ма дац, хьо лийра ма вац хьо ма хиллара хьайца цхьаъ хиллалц!
АллахӀах кхера!
АллахӀах кхера!
АллахӀах кхера!
2024/05/29 03:03:04
Back to Top
HTML Embed Code: